Главная » 2014 » Апрель » 15 » Нохчийн меттан хьехархо Давлетхаджиева Марьям Эдиловна
17:14
Нохчийн меттан хьехархо Давлетхаджиева Марьям Эдиловна

Нохчийн меттан хьехархо

Давлетхаджиева Марьям Эдиловна

 

Горячеводскерчу юккъерачу школехь болх беш ю нохчийн меттан хьехархо Давлетхаджиева Марьям  Эдиловна.

1982 шарахь, Л.Н.Толстойн ц1арах йолчу Нохч-г1алг1айн пачхьалкхан университет чекхйоккху цо. Цо хаьржина корматалла яра – нохчийн мотт хьехар. Дешна а яьлла схьаеара иза шен юьртарчу, ша дешна йолу школе. Х1инца цо кхузахь болх бен 32 шо хан ю. Т1ехьахьаьжча хала хирдара оцу зурчун эсалчу сибтехь къасто, цуьнан шен матте болу к1орга безам а, хаарш а. Марьям Эдиловнас ма ц1ена а, хаза а буьйцу шен ненан  мотт. Изза 1амадо цо шен дешархошна а, къоначу хьехархошна а.

Массийта шо  ду тхан школехь Марьям Эдиловнас куьйгалла а деш Ненан меттан денна лерина мероприятеш еш. Х1орра а мероприятино дешархойн даг чохь дуьту цхьацца хазахетаран а, кхетош кхиоран а лараш. Дешархошна гучудовлу керл-керла къоман г1иллакхийн хазнаш. Цу мероприятеша  гойту меттан хазалла а, сийлалла а, оьздангалла а, дозалла а.

Цо ша ца кхоош, г1о до къоначу хьехархошна ненан мотт хьехаран башхаллаш йовзуьтуш.

Мел аьллачунна т1етоха луур дара иза вуно дика х1усамнана а, шен доьзалан нана а ю. Цо вуно мерза кечбо вайн къоман муьлха а кхача. Марьям Эдиловнас кхиош ву, т1ехь да а воцуш, вуно дика ши к1ант. Воккхахверг Руслан доьшуш ву Москвахь (Российский университет Дружбы народов). Ткъа Хьасан доьшуш ву Грозненски лесотехнически техникумехь.

Ишта хьунаре а, дика а хьехархо ю сан школехь болх беш. 

Просмотров: 871 | Добавил: Алихан | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные пользователи.
[ Регистрация | Вход ]
Ученикам
Родителям
Форма входа
Календарь
«  Апрель 2014  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
282930
Наш опрос
Как сильно вы любите нашу школу?
Всего ответов: 32
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0